For faster navigation, this Iframe is preloading the Wikiwand page for ЯӀкъуб.

ЯӀкъуб

ЯӀкъуб
Ӏаьр. يعقوب‎‎
Исраил
Говзалла чабан
Вина терахь 1751 в.э.
Вина меттиг КанӀан
Кхелхина терахь 1604 в.э.
Кхелхина меттиг Мисар
ДӀавоьллина меттиг ИбраьхӀиман маьждиг
Къам, некъе жуьгтий, мисархой
Да Исхьакъ
Нана Рафикъат
Зуда Лайат, Рахьиль, Зилпа, БилхӀа
Бераш Юсуф, Биньямин, Лави, ЯхӀуза, ШамӀун, Равбин, Ясакар, Забулун, Джад, Ӏашир, Дан а, Нафтали а
Лоруш волу динаш ислам, керсталла, жуьгталла

ЯӀкъу́б (Ӏаьр. يَعْقُوب‎‎), Исра́ил (Ӏаьр. إسرائيل‎‎) — исламан пайхамар а, Исхьакъ пайхамаран шолгӀа кӀант а ву. КанӀанера ведда хиллера иза, шен ненаваша Лабан волчу йуьрта а веъна, цигахь шен доьзалца Ӏаш вара иза. Цуьнан 12 кӀант вара, царех уггаре цунна дукхавезарг Юсуф хилла.

Къуръан тӀехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Юсупа элира шен дега Якъубе: «ХӀай сан да суна цхьайтта седа гира, малх а бутт а гира суна, суждане даьхкина.

Исхьакъан ши кӀант вара Ӏайсу а, Якъуб а. Цунна Ӏайсу воккхах волу дера дукхавезар. Цхьана хенахь Исхьакъ къан веллера, бӀаьрса а дӀадаьллера. Цо Ӏайсуга аьллера шен цхьа даар да, Ӏайсу и кхочуш дан вахара. Церан нанас Рафикъатас шен Якъубе элира: «Хьайн дега хӀара даар дӀало, хьо Ӏайсу ву моттийта цунна, цуьнан бедарш тӀе а йохий». Якъуб шен дена Исхьакъана тӀе веанера, Ӏайсух тара а велла. Исхьакъан иза Ӏайсу ву бохуш Ӏаш вара. Исхьакъ шек ваьллера и Якъуб волчух тера хетара цунна, амма Ӏайсу хир ву-кх иза аьлла Ӏад Ӏаш вара. ТӀаккха Ӏайсу а цӀа кхечира, цо йан аьлла йолу яахӀума а йохьуш. Исхьакъас элира цуьнга: «Ахьа суна яахӀума ма-яийна», «Дера ца-яийра аса-м дада, ахьа хӀун дуьйцу?». ТӀаккха и шиъ кхийтира иза Якъуб хилли. Ӏайсус чӀагӀо йира ша иза вуьйра ма-ву аьлла. Рафикъатан цуьнан дагахь дерг а хиъна, Якъубе шен ваша Лабан волчу, «Месопотами» дӀагӀо элира.

Иштта Якъуб шен даймахкара дӀавахара. Месопотами — олучу шен ненавешин йуьртахь ваха, дӀавахара иза. Лабанан йоккхах йолу йоӀ — Лия маре йалийра цо. ТӀаккха жимах йерг — Рахьиль а. Оцу шинна лай — Зильфа а, БильхӀа а йигира цо маре. Иштта кхойтта бера хилира цунна. Шен да дӀакхелхича йуха КанӀане схьа веанера иза.

Юсуп массарел чӀогӀа дукха везара цунна. И бахьана долуш цуьнан гӀан хиина цуьнан вежаршна, шайтӀано Ӏехийнера уьш. Шайн дега дийхира цара Юсуп шайца жа дажо ваийта аьлла. Уьш тӀаьхьара ца бевлла Якъуба вахийтира иза цаьрца. Вежарша йиттина цунна, чӀогӀа лазийна хилла цара и пекъар Юсуп. Иза вен гӀерташ бара уьш, амма Лавис ца вайтинера иза. ГӀу чукхоьссина хилла цара иза. Шайн дега иза берзалоша виъна элира цара, цуьнан цӀийх уьзина бедар дӀалуш. Якъубан хиира Юсуп берзалоша ца виъний.

Юсупах къаьсттина цаӀалора Якъуб, цуьнан бӀаьрса дӀадаьллера даиман воьлхуш Ӏаш. БӀаьргаш цӀий дӀа а даьлла кӀайн деллера цунна. 40 шо даьлча уьш Мисар баханера, иштта Юсупан тӀекхечира и ша берриш. Цуьнан бӀаьрса схьа деанера. Мисарахь дӀакхелхира Якъуб, цигара КанӀане схьа а валийна ИбраьхӀиман а, Исхьакъан а хьех (ИбраьхӀиман маьждиг) чу дӀавоьллира иза.

Лиян Рахьилан БильхӀан Зильфан
Равбин Юсуп Дан Джад
ШамӀун Биньямин Нафтали Ӏашир
Лави
ЯхӀуза
Ясакар
Забулун
{{bottomLinkPreText}} {{bottomLinkText}}
ЯӀкъуб
Listen to this article

This browser is not supported by Wikiwand :(
Wikiwand requires a browser with modern capabilities in order to provide you with the best reading experience.
Please download and use one of the following browsers:

This article was just edited, click to reload
This article has been deleted on Wikipedia (Why?)

Back to homepage

Please click Add in the dialog above
Please click Allow in the top-left corner,
then click Install Now in the dialog
Please click Open in the download dialog,
then click Install
Please click the "Downloads" icon in the Safari toolbar, open the first download in the list,
then click Install
{{::$root.activation.text}}

Install Wikiwand

Install on Chrome Install on Firefox
Don't forget to rate us

Tell your friends about Wikiwand!

Gmail Facebook Twitter Link

Enjoying Wikiwand?

Tell your friends and spread the love:
Share on Gmail Share on Facebook Share on Twitter Share on Buffer

Our magic isn't perfect

You can help our automatic cover photo selection by reporting an unsuitable photo.

This photo is visually disturbing This photo is not a good choice

Thank you for helping!


Your input will affect cover photo selection, along with input from other users.

X

Get ready for Wikiwand 2.0 🎉! the new version arrives on September 1st! Don't want to wait?