For faster navigation, this Iframe is preloading the Wikiwand page for КӀади.

КӀади

КӀадеш
КӀадеш
КӀадийн баккхал Пакистанехь

КӀади — текстилан киса, кечдина кӀадин чархан тӀехь дуцарца вовшен перпендикуляран тайнин сиситемашца.

КӀади лаьтта шина вовшен дуцалуш долчу тайнин системех, уьш вовшен перпендикуляран ду. КӀадин дохаллехь лаьтта тайнин системех олу бух, ткъа тайнин системех, пурхнехьа лаьттачу тайнех, — шоралха-тай. Тайнех олу коьртаниш а, шоралха-тай а. КӀадин тайнаш кӀадин хоттаман коьрта гайтам бу. Бухан а, шоралха а тайнаш дуцало цхьаьна билгалчу низамехь (иза дозу минимум тайн барамех — раппортах, — оьшучу чекхдаьлла кӀадий дуцаран суьртах). Цуо кӀади дарна Ӏаткъам бо билгалчу дуцаран структурехь, кепаца, хьолаца.Атта дуцар (шера йа коьрта) хуьлу полотнон, саржан, сатинан, атласан йа иэйна.

Къасто оьшу кӀадеш кхечу хьесапца дина текстилан полотнох: трикотажан полотнох, до дуцарца , аьлча а вовшех уьйр йолу шеддийн могӀанца, дуьцина доцу материалех (царна йукъатоха мегар ду иштта датийна-истангийн а, гататегаран материалаш).

КӀадешдар, олу текстилан полотнош дарх, уьш до ши перпендикуляран тайнин система дуцаран новкъахь.

КӀадеш даран хьесап ду дуккха а дехьадолуш, шена чу лоцу: дуца кечдан (Тайнаш дастар, дӀасакхерстар а, баххийн шлихтовка а, дастар а, шлихтовка а йа даьтта хьакхар (эшахь) шоралха-тайн), асар дар йа бух чархан тӀебехкар, шеш кӀадеш дар а, брак ларар а.

ТӀаьххьара кӀадеш кечдарах олу куц даккхар, цунна йукъадоьду химин областера кечдаран технологеш. Шена чу догӀу (опцица): дилар, шлихтовка, кхехкор, кӀайдар, мерсеризаци, басар дар (муьран йа хадданза хьесапца), зорба, ларгар, чоьш дахар, дагар дар.

Классификаци

[бӀаьра нисйан | нисйан]

КӀадеш къастадо уьш дина аьргаллица, бесца, куьг Ӏоттарца, фактурица, кечдарца.

Аьргаллин тайпанца

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Вета — орамат, цунах до ветанан кӀади
  • натуралан, кхин а цунах олу классикин. Уьш хуьлу:
    • ораматех дина (бамба, вета, кӀомал, джут);
    • дийнатех дина (тӀаргӀа, натуралан дари);
    • минералех дина (кан, кенан кӀади, асбест);
  • химин, декъало:
    • искусственни:
      • Ӏаламан хӀуманех органикин (целлюлоза, белокаш) а, органикин йоцу (ангали, металлаш) а: вискоза, ацетат; металлан тайнаш, люрекс;
    • синтетикийн: синтетикийн полимерех, царна йукъахь:
      • полиамидан кӀадеш (дедерон, хемлон, силон),
      • полиэстерш (диолен, слотера, тесил),
      • полипропиленан кӀадеш,
      • поливинилан кӀадеш (кашмилон, дралон).

Промышленностехь а, махлелорехь а лелайо тайп-тайпана билгалонаш синтетикийн кӀадешна. Масала, РЕРs — полиэстерн материал чоца, РАОН — полиамидан дарин кӀади, РОРс — полипропиленан кабель.

КӀадин йукъа дан тарло цъаьна тайпана тайнаш (100 %) йа тайп-тайпана структураш, иза аьлла ду дӀайохьуьту кехатан тӀехь.

Эль-Мукалла. Жима туька маьждиг тӀехьа Ширчу ГӀалахь.
  • шера басар дина цхьаьна беса (луьра полотно, кӀайн кӀади, бесар кӀади);
  • дукха бесара (меланжан кӀадеш, мулированни, тӀетуху, къорза дуьцина кӀади).

КӀадин цӀераш фактурица

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Эстергаз — даккхийра шина бесара йа дуккха а бесара йеакӀовниш долу кӀадин сурт, йеакӀовниш лаьтта шахматийн низамехь, оханехьа а, пурзнехьа а асанаш йолуш. Иштта сурт кхочу бесара тай бух тӀехь а, шоралха-тай тӀехь а лелош.

Филь-а-филь (Ш-а-Ш — гӀезах, могӀарш, тӀегӀанашца) — и кӀадин сурт разнехьа, дика гуш долу тӀегӀанан диагоналашца йа асанашца. Иштта сурт кхуллу комбинацино саржан дйцаро шина бесца къасталучу тайнех бух тӀехь а, шоралха-тайн тӀехь а. Коьрта а, шоралха-тайнин а къовларан йукъаметтиг раппортехь 1:1.

КӀади тӀеданашца, тӀадамашца — сурт амалера сирла тӀадамашца Ӏаьржачу бос тӀехь. Иштта сурт хуьлу чолхе саржан дуцарехь (8 тай), леладо контрастан бесара тайнаш. Коьрта а, шоралха а тайнин раппортера къовламан йукъаметтиг 2 : 2.

КӀадин тайпанаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Йуьцина йоцу материалаш
  • Трикотаж

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Ткани // Товарный словарь. Том 8 / Гл. ред. И.А. Пугачёв. — М.: Госторгиздат, 1960. — Стб. 815—845
  • Терешкович Т.А. Ткань // Мода в одежде и аксессуарах. — Кеп:Р. н/Д.: Феникс, 2008. — С. 328—336. — 445 с.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: Нисйе агӀо Википедин стилистикин низамца.ХӀиттайе тӀетовжамаш, йилла билгала йолу гойтуш оцуьнан хьост.
{{bottomLinkPreText}} {{bottomLinkText}}
КӀади
Listen to this article

This browser is not supported by Wikiwand :(
Wikiwand requires a browser with modern capabilities in order to provide you with the best reading experience.
Please download and use one of the following browsers:

This article was just edited, click to reload
This article has been deleted on Wikipedia (Why?)

Back to homepage

Please click Add in the dialog above
Please click Allow in the top-left corner,
then click Install Now in the dialog
Please click Open in the download dialog,
then click Install
Please click the "Downloads" icon in the Safari toolbar, open the first download in the list,
then click Install
{{::$root.activation.text}}

Install Wikiwand

Install on Chrome Install on Firefox
Don't forget to rate us

Tell your friends about Wikiwand!

Gmail Facebook Twitter Link

Enjoying Wikiwand?

Tell your friends and spread the love:
Share on Gmail Share on Facebook Share on Twitter Share on Buffer

Our magic isn't perfect

You can help our automatic cover photo selection by reporting an unsuitable photo.

This photo is visually disturbing This photo is not a good choice

Thank you for helping!


Your input will affect cover photo selection, along with input from other users.

X

Get ready for Wikiwand 2.0 🎉! the new version arrives on September 1st! Don't want to wait?