Акхарой
Theria Parker & Haswell, 1897
Гай-тӀоьрмигенаш (Marsupialia)
Плацентийнаш (Placentalia)
А́кхарой [1] [2] , йа дийна дуьненна тӀе йовларш [1] [3] , йа те́реш [2] (лат. Theria ) , — декха дийнатийн дерриг таханлера дийна дуьненна тӀедовлу декха дийнаташ цхьаьнатуху бухара класc, цара кӀорнеш йо тевна а ца дуьллуш (царна йукъахь плацентин а, гай-тӀоьрмигнаш а). Дерриш декха дийнаташ, адамаш тӀехь, — акхарой йу. Декха дийнаташна йукъахь акхаройн бухара классан дуьхьала хӀоттийна хӀоьаш доху хьалхара акхаройн бухара класс. Цхьацца (дукхаха дерг — ширйеллачу) классификацешкахь Декха дийнаташ а, Акхарой а терминаш синонимаш йу, ткъа акхарошна лелайо термин Бакъ акхарой ; оцу классификацешкахь хьалхара акхарой акхаройн бухара класс йу[4] .
Акхаройн векалийн арахьара лергаш хуьлу (уьш доцуш а хуьлу цхьацца хин дийнаташ, масала, бакъ тюленаш), церан кӀорнеш некхах йекхаш хуьлу, церан хуьлу хьорка, цуо церан леларан ницкъ тӀетуху (хьорка йац, тӀехьара когаш дӀадевллачеран — киткепарчеран, пиллигкогашдолчеран, сиренийн). Акхаройн классификаци цергаш вовшехлатаран суьртаца хӀоттайо.
Этимологи
Дош схьадаьлла «акха» йа «экха» (орам) + р (суффикс) + ой (чаккхе).
Классификаци
Декха дийнатийн йу дукха классификацеш. Инфраклассан тӀегӀанера ламастан классификаци лахара кепехь йу[5] :
Кладограмма
Молекулин анализца йолу декхачу дийнатийн филогени:
Декха дийнаташ
Цкъачекхдолийла дерш
Бедамеранаш
Ехиднинаш
Дийна дуьненна тӀе довлурш
Гай-тӀоьрмигнаш
Опоссумаш
Australidelphia
Ценолесташ
Плацентинаш
Atlantogenata
Афротереш
Ксенартраш
Броненосцаш
Йуьзинацергашшйоцурш
Бореоэутереш
Эуархонтоглираш
Эуархонташ
Тупайаш
Маймалкепарнаш
Цостукепарнаш
Цостурш
Пхьагалкепарнаш
Лавразиатереш
Сагалматашдуурш
Scrotifera
КуьйгатӀемашдерш
Ферунгуляташ
1997 шарахь Малколм Маккенна а, Сьюзан Белл палеонтологаша кховдийра шен декхачеран классификацин, иза сихха къобал дира палеонтологаша, хӀетте а кхечу биологаша жигара лелош йоцушехь. Системин башхалла ю чӀогӀа жигара таксонаш лелор, церан йу йуккъера — инфраклассна а, тобанна йукъара — ранг[6] .
Класс Mammalia
Бухара класс Prototheria (цхьаъ чекхдалар долу)
Инфракласс † Allotheria
Инфракласс † Triconodonta
Инфракласс .. Holotheria
Суперкогорта Theria
Когорта Marsupialia (тоьрмигберш)
Магнтоба Australidelphia (австралин тоьрмигберш а, сонякепара опоссум а)
Магнтоба Ameridelphia (тоьрмигберш Керла дуьне)
Когорта Placentalia (плацента йерш)
Магнтоба Xenarthra (йуьззина цергаш йоцурш)
Магнтоба Epitheria
Грандтоба Anagalida : тобанаш Rodentia, Lagomorpha, Macroscelididae
Грандтоба Ferae : тобанаш Carnivora, Pholidota, Creodonta† , кхин а уллера йелла тобанаш
Грандтоба Lipotyphla : тоба Insectivora
Грандтоба Archonta : тобанаш Dermoptera, Chiroptera, Primates, Scandentia
Грандтоба Ungulata (бергаш йерш)
Тоба Tubulidentata (incertae sedis)
Миртоба Eparctocyona : тобанаш Condylarthra† , Cetacea, Artiodactyla
Миртоба Meridiungulata † (йелла къилбаамерикин бергаш йерш)
Миртоба Altungulata : тобанаш Proboscidea, Hyracoidea, Sirenia, Perissodactyla Эутерешна (плацента йолчарна) йукъа йоьду иттаннал сов йелла тобанаш, масала: † лептиктидаш, † диноцераташ, † кондилартраш, † нотоунгуляташ, кхин йерш.
ТӀаьххьара талламаш
1997 шерал тӀаьхьа карийна шира тереш (масала, эомайя[7] , синодельфис[8] , юрамайя[9] [10] ), иштта кхин а лерина йина хьалха хиллачу хаамийн анализо далийра Акхарой бухара классан эволюцин а, филогенин а хьажар хаъал хийцаделла хиларе. Иштта, дикка хийцаделира Holotheria тобанан маьӀна, иза Маккеннин а, Беллан а цхьаьнатоьхна йара кхоъ бухара тоба: Chronoperatidae [en] доьзал а, Kuehneotheria а, Trechnotheria а «тӀехулара легионаш» а. Хьалхара ши бухара тоба декха дийнатийн гӀадах цкъадехьадаларанчел хьалха дӀакъаьстаний хиинчул тӀаьхьа, оцу тобанан чухоам хаъал шорбира: хӀинца цунна чохь йу хьахийна ши бухара тоба а, Mammalia [11] классан йерриг краун-тоба а. Молекулин филогенетикин кхиамаш бахьнехь хаъал нисдира гай-тӀоьрмигчеран а, плацентинчеран а филогени[12] [13] .
Билгалдахарш
↑ 1 2 Кеп:Книга:Полная иллюстрированная энциклопедия. «Млекопитающие». Кн. 2
↑ 1 2 Кэрролл Р. Палеонтология и эволюция позвоночных: В 3 т. Т. 2. — М .: Мир, 1993. — С. 254. — 283 с. — ISBN 5-03-001819-0 .
↑ Кеп:Книга:Разнообразие млекопитающих
↑ Наумов Н. П., Карташёв Н. Н. Зоология позвоночных. Ч. 2. Пресмыкающиеся, птицы, млекопитающие. — М .: Высшая школа, 1979. — С. 165—167. — 272 с.
↑ Vaughan T. A., Ryan J. M., Czaplewski N. J. Mammalogy. 5th ed. — Sudbury, Massachusetts: Jones & Bartlett Learning, 2011. — 750 p. — ISBN 978-0-7636-6299-5 .
↑ Павлинов И. Я. Систематика современных млекопитающих. — М .: Изд-во Моск. ун-та, 2003. — 297 с. — ISSN 0134-8647.
↑ Ji Qiang, Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Wible J. R., Zhang Jian-Ping, Georgi J. A. The Earliest Known Eutherian Mammal // Nature , 2002, 416 . — P. 816—822. — DOI:10.1038/416816a .
↑ Luo Zhe-Xi, Ji Qiang, Wible J. R., Yuan Chong-Xi. An Early Cretaceous Tribosphenic Mammal and Metatherian Evolution // Science , 2003, 302 (5652). — P. 1934—1940. — DOI:10.1126/science.1090718 .
↑ Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Meng Qing-Jin, Ji Qiang A Jurassic Eutherian Mammal and Divergence of Marsupials and Placentals // Nature , 2011, 476 . — P. 442—445. — DOI:10.1038/nature10291 .
↑ Млекопитающие «потеряли» свою сумку 160 миллионов лет назад — учёные (бил-боцу.) . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 май. Архивйина 2014 шеран 22 февралехь
↑ Luo Zhe-Xi, Kielan-Jaworowska, Cifelli, 2002 , p. 4.
↑ Nilsson M. A., Churakov G., Sommer M., Van Tran N., Zemann A., Brosius J., Schmitz J. Tracking marsupial evolution using archaic genomic retroposon insertions // PLoS Biology (Public Library of Science), 2010, 8 (7): e1000436.
↑ O'Leary M. A., Bloch J. I., Flynn J. J., Gaudin T. J., Giallombardo A., Giannini N. P., Goldberg S. L., Kraatz B. P., Luo Zhe-Xi, Meng Jin, Ni Xijun, Novacek M. J., Perini F. A., Randall Z. S., Rougier G. W., Sargis E. J., Silcox M. T., Simmons N. B., Spaulding M., Velazco P. M., Weksler M., Wible J. R., Cirranello A. L. The placental mammal ancestor and the post–K-Pg radiation of placentals // Science , 2013, 339 (6120). — P. 662—667. — DOI:10.1126/science.1229237 .
Литература
Luo Zhe-Xi, Kielan-Jaworowska Z., Cifelli R. L. In quest for a phylogeny of Mesozoic mammals // Acta Palaeontologica Polonica. — 2002. — Vol. 47, № 1 . — P. 1—78.
van Rheede T., Bastiaans T., Boone D. N., Hedges S. B., de Jong W. W., Madsen O. The Platypus Is in Its Place: Nuclear Genes and Indels Confirm the Sister Group Relation of Monotremes and Therians // Molecular Biology and Evolution , 2006, 23 (3). — P. 587—597. — DOI:10.1093/molbev/msj064 .
Wozencraft, W. C. Mammal Species of the World / Wilson, D. E., and Reeder, D. M. (eds). — 3rd edition. — Johns Hopkins University Press, 16 November 2005. — ISBN 0-801-88221-4 .
Хьажоргаш
Викидошаман логотип Викидошам чохь бу йаззам
«экха » Дошамаш а, энциклопедеш а
Таксономия